Нохчийчоь кхиоран программа кхочушъяро гIо дийр ду регионе 535 миллиард сом ахча даийта

Россин вице-премьеран Новак Александран куьйгаллица дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима йовзийтира регион экономикин кхиоран модель.

И кхеташо лерина яра Къилбаседа Кавказан федеральни округа юккъе йогIуш йолчу субъектийн экономикин кхиоран моделаш кечъярна.

М.Хучиевс дийцарехь, стратегин маьIна долу и документ тIехьажийна ду республика эвсаре кхиорна новкъарлонаш еш йолу коьрта проблемаш Iораяхарна а, дIаяхарна а.

Регион экономикин кхиоран моделан гурашкахь билгалдаьхна экономикин коьрта некъаш: агропромышленни комплекс, промышленность, энергетика, логистика, туризм, белхазаллина легализаци яр.

«Оцу моделаца билгалдаьхна дерриге а гIуллакхаш а, дIадолораш а кхочушдаро таро лур ю вайн регионан экономикина 535 миллиард сом юкъадилла. Кхочушъян леринарг ерриге а 526 проект ю. Уьш кхочушъяро таро лур ю республикехь белхан керла меттигаш кхолла», – элира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела.

Иштта, Хучиев Муслима билгалдаьккхира белхан бакъдолу алапа, 2020-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича, 22,1 процентана алсамдаккха дагахь хилар, ткъа инвестицийн барам 65,3 процентана лакхабаккха, регионан валови продукт 94,4 процентана лакхаяккха ойла хилар.

Нохчийн Республикин Правительствона тIедиллина инвестицийн коьртачу проектех пхиъ схьакъастор.

Регионан премьер-министра чIагIдарехь, оцу декъехь болх бийр бу герггарчу хенахь. Хьем ца беш, йоццачу хенахь чекх а боккхур бу иза.

Д.ПАШАЕВ
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: