ГаланчӀожан кӀоштарчу Жайн-Чохь, масех де хьалха доккха дезде дара. Цигахь 50 стага жамаIатехь ламаз далур долуш, керла жамаӀат-маьждиг схьадиллина.

Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цӀарах долу и маьждиг нохчийн ламасталлин архитектурин куц-кепехь дина хиларал сов, «денъян» йолийначу оцу юьртахь хьалхара гӀишло а ю.
Иза схьадоьллуче вовшахкхеттачара, цу чохь дуьххьара жамаӀат-ламаз а дира, мовлад а дийшира.
Некъаца долу и маьждиг дарехь дакъалаьцнарш шайн дайн схьабовлар оцу юьртара долу кегийрхой бара.
Церан а, цара бечу балхана тIехь Ӏуналла деш хиллачу къаноша билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан декъерчу дӀадолоран гурашкара гӀуллакх иза хилар.
Терминологин комиссин сацам хӀинца а цахиларе терра, юьртан цӀе язъяран кеп нийса ца хила мега
А.КАНТАЕВ
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де