Россин жима театр – Нохчийчохь

Нохчийн къоман Х.Нурадиловн цIарахчу драмин театрехь Россин пачхьалкхан академин жимачу театро гастролаш дIаяьхьира эсаран (октябрь) беттан 20–23-чуй деношкахь.

Хьалхарчу дийнахь А.Островскийн пьеси тIехь Россин хьакъволчу искусствон гIуллакххочо, режиссера-хIотторхочо Иванов Виталийс сценари язйина «Гуттар ца хуьлу КIацIина нускалш» самукъане спектакль гайтира.

ЧIогIа дика кечйина яра сцена, спектакло бовзуьйтучу муьрехь лелош хилла духарш дара актерашна тIехь, ролаш ловзош бара Жимачу театран тоьлла актераш.

Ханна воккха а волуш, амма дог-ойла жима йолу совдегар Ахов Ермил а, цуьнан тешаме доттагI Ипполит а ву, хIуъа дина а, шайн юьртара уггаре а хаза йоI, шен лаам тIера ца йолу Агния реза ян гIерташ. Агнияна везаш, даго къастийна кхин кIант ву, амма иза совдегар Ермил санна бахамо вукъвина вац.

ЙоьIан нанна ца хаьа ша хIун дича бакъахьа ду. ЙоI ирсе хила лаар а, декъала хила лар а цхьанна дагадогIуш дац.

Хьалхарчу минотехь дуьйна а самукъане сценкаш ю спектаклехь, турпалхойн дог-ойла йовзуьйтуш, музыка а яра юкъ-кара лоькхуш.

Театръезархойн лаам кхочушбеш, шолгIачу дийнахь а гайтира и спектакль.

КхоалгIачу дийнахь, хьешаша шайн кхин а цхьа спектакль хIоттийра Фонвизин Денисан пьеси тIехь. Иза а яра режиссера-хIотторхочо Иванов Виталийс сценари язйина «ЦIодар» спектакль.

Спектакль цIодарх Митрофанах лаьцна ю. Жимачохь дуьйна а мегарг-цамегарг Iамийна доцуш, шена луъург деш, хецна витина ву кIант. Цу тIе, воккха малонча а ву иза. Шегахь доцчу гIиллакх-гIуллакхца, даима дера а ву спектаклан коьрта турпалхо.

Пьесин авторна гайта луург, бераца жимачохь дуьйна а, кхетош-кхиоран болх ца бича, цунах хIун адам хуьлу довзийтар ду.

Фонвизина и пьеса классицизмо Россехь дуьххьара зазадоккхучу хенахь язйина ю. Амма тахана а мехала ю иза, шех масал оьцуш. Жимачу театран актераша дика ловзийра шайн ролаш.

Муха йолу а ца хууш, дIаелира хан. Театръезархоша дехха тIараш диттира, шаьш и спектакль езаш тIеэцнийла хоуьйтуш. Ткъа актерашна цул деза совгIат дац.

«ЦIодар» спектакль а гайтира шина дийнахь. Нохчийн Республикин культурин министран Кадырова Iайшатан цIарах Баркаллин кехат делира министерствон искусствон отделан хьаькама Ташаева Розас Жимачу театран исбаьхьаллин куьйгалхочунна Соломин Юрийна.

ВЕГИЕВА Макка
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: