Россин Премьер-лигин чемпионатан 12-чу турехь Нохчийчоьнан футболан коьртачу командин – «Ахматан» футболисташ Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-арена» стадионан майданахь Екатеринбургерчу «Урал» командин футболисташца левзира эсаран (октябрь) беттан 24-чу суьйранна.

Оцу командин футболисташ даима а чIогIа ловзу Нохчийчуьрчу футболисташца. ХIара цхьаьнакхетар а дацара кхин къастам болуш — шайн цIахь ловзуш болуш санна, къийлабалар доцуш, дIайолийра цара хьалхара тайм.
Шозза-кхузза кхераме тIелатар дира. Царах цхьаъ гол тохаза а дирзира. Хьешийн тIелатархочо «Ахматан» кевнехьа хьажийна чIогIа тоьхна буьрка, кевнан бIогIамах кхетта, майдана юха еара.
Цигахь массарал хьалха цунна тIекхиъначу хIусамдайн защитнико команда кхерамах хьалхаяьккхира. Цу тайппана кхераме киртигаш цул тIаьхьа а хилира.
ТIаьххьарчу мIаьргонашкахь «Ахматан» голкипер а, защитникаш а каде хьовзар бахьанехь вайн команда кхерамах хьалха йолура.
Бакъдерг аьлча, вайн футболисташ а бацара тIелатарш ца деш Iаш.
Делахь а, кхиаме кхочийла ца хуьлуш чекхъелира хьалхара тайм, юкъал тIехъелира шолгIа тайм а. Эххар а, ирс «деладелира» «Ахматан» футболисташна.
Цхьаьнакхетаран 71-чу минотехь «Урал» командин кевна чу буьрка тохарца билгалвала аьтто белира Сенин Себаин – 1:0. Оцу матчан жамIашца говзанчаша тоьлла футболист лерира иза.
Цу тайппана, жамI 1:0 долуш, толам баьккхира «Ахмато».
Турниран таблицехь таханлерчу дийнахь, шен чоьтехь 15 очко а йолуш, 10-чу меттехь ю «Ахмат».
№82, эсаран (октябрь) беттан 27-гӀа де