Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина йолу Ерригроссин «Кавказан аз» Х-гIа радиофестиваль кху шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина яра.

Радиофестивалан толамхошна совгIаташ даларна лерина даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Омаев Дагунан цIарахчу культурин цIийнехь.
ХIокху шарахь радиофестивалехь дакъалоцуш яра Россин 50 гIалара 75 радиостанци. Цара конкурсе баийтинера 300 гергга болх.
Толамхошна совгIаташ дIадалале хьалха къамел динчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Админстрацин куьйгалхочун заместитела Гадуев Салмана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин дош дозийтира: «Россин берриге а махкахь, «Радиовещанин декъехь, бакъонца, коьрта хилам лара мегар ду «Кавказан аз» фестиваль. ГIирмера Сахалине кхаччалц болчу махкара регионийн радиостанцийн векалш бу цигахь дакъалоцуш. Тхо кхул тIаьхьа а кийча хир ду цу тайппанчу проектийн гIолаца а, Iедал а, журналистийн юкъаралла а бохучу кепехь даррехь къамел дан а. 90-чу шерашкахь буххе кхаччалц дохийна дара республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн дерриге а дакъа. Кхузаманан СМИ когахIотторан юьххьехь лаьттина Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьош хиллачу къийсамехь хьалхарчу, уггаре а кхерамечу могIарехь лаьтташ хилла Ахьмад-Хьаьжа тIехдика кхеташ вара тхан юкъаралла цхьаьнатохарехь а, республика меттахIотторехь а меттигерчу СМИ-ша лелон дезачу маьIнех а, лаца дезачу декъах а. Тахана тхайн хьалхарчу Президентан некъаца дIадоьлхуш долу тхо сиха кхуьуш ду, цIинлуш ду, гIишлош еш ду, бакъдешан мах а, бакъболу ницкъ а гойтуш а ду», – яздина маршаллин дашехь.
Иштта, даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад.
Цо, шен къамелехь, билгалдаьккхира: «ЧIогIа воккхавевеш ду хIара конкурс шо-шаре мел долу тIеттIа езалуш, шорлуш хилар, конкурсехь дакъалоцуш берш алсамбовлуш хилар. Итт шарахь тхан министерствос хIара фестиваль вайн мехкан тайп-тайпанчу регионашкахь дIаяьхьна. Тахана дозаллица ала мегар ду «Кавказан аз» конкурс вайн махкарчу ерриге а радиостанцийн белхахошна уггаре коьрта а, мехала а гIуллакх хилла дIахIоьттина хиларх лаьцна».
Экспертийн кхеташонан жамIашца «Тематикин программа» номинацехь фестивалан толамхо хилла Белгород гIаларчу «Белогорьен дуьне» ТРК-н журналист Лот Татьяна, «Iуьйренан шоу» номинацехь – «Башкортостан» ТРК-н векална Шакирова Лилияна, ткъа «Хаамийн программа» номинацехь — «Кавказан аз» радиофестивалан кубок елира Белгород гIаларчу «Муравленко Медиан» журналистана Храпова Иринина.
«ХIинца доьазлагIа дакъалоцуш ду тхо фестивалехь. Иштта, диъ шо хьалха а тематикин леррина совгIат делира тхуна. Ма дика ду кху шарахь а тхан кхуза дахка таро хилла а, хIара деза совгIат даккха аьтто баьлла а. Иза баккъал а тхан белхан лаккхара мах хадор а ду, оха деш дерг сийлахь гIуллакх хиларна тоьшалла а ду», – элира И.Храповас.
Иштта, хьанал къахьегарна а, Нохчийн Республикин бахархошна хаамашца кхачояран гIуллакхна юкъа хазна йилларна а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташца совгIаташ дира: зорбанан а, интернет а изданийн мониторинган отделан хьаькамна Ахмадов ИбрахIимна, хаамаш гулбаран а, хьесапан а отделан хьаькамна Межидова Берлантана, къоман политикин отделан хьаькамна Хурцаева Элизина.
Цу тIехь дерзийра даздарш.
Д.ПАШАЕВ
№83, эсаран (октябрь) беттан 30-гӀа де