Соьлжа-ГIалара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу (Северный) аэропорт Россин Федерацин пачхьалкхан дозанех дехьаволуьйтучу меттигашна юкъаяхийтина. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствехь.

Оцу хьокъехь болчу сацамна 2021-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 19-чу дийнахь куьг яздина Россин Правительствон Председатела Мишустин Михаила.
Электронни виза кхузахь интернетехула кечйийр ю туристийн, гIуллакхаллин, къинхьегаман гIуллакхашна а, хьошалгIа а боьлхучарна.
Виза яларна оьшуш дац цхьамма а дозанал арахьарчу пачхьалкхе кхайкхина хилар, отелехь бронь хилар, я муьлхха а кхин документ хилар, дозанал дехьа валаран Iалашо йовзуьйтуш я тIечIагIъеш долу.
Республикин транспортан а, зIенан а министерствон векалш тешна бу цхьааллин электронни визаш ялар юкъадалоро Соьлжа-ГIаларчу аэропортера пассажираш дIасабахар алсамдаьккхина ца Iаш, туризм кхиорна а, инвестицешна бегIийла хиларна а гIодийриг хиларх. Ткъа иза дерриге а дикачу агIор хаалур ду Нохчийчоьнан экономика кхиорна тIехь.
Цул сов, Нохчийчоьнан Iедалан органех федеральни туш тешаш хиларан кхин цхьа билгало а ю иза.
Кхиоран, машаран новкъа йоьдучу республикина иза Iаламат чIогIа мехала хилам бу.
Д.АНАДЕВ
№83, эсаран (октябрь) беттан 30-гӀа де