Соьлжа-ГIаларчу Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетехь ерригроссин Iилманан-практикин «Зудчух лаьцна а, зудчо а: бусалба зуда дахарехь а, юкъараллехь а» конференци дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан куьйгалхо Абдулаев Аслан, Нохчийн Республикин муфтин заместитель Хабзиев Iаьрби, Дешаран а, Iилманан а министран заместитель, Iеламстаг Хариханов Асвад, оццу университетан ректов Мутушев Iабдурахьим, Саратовн областан муфти Бибарсов Муккадас.
Цхьаьнакхетар дIадолийра университетан студента Къуръана тIера сура дешарца.
Оцу доккхачу беркатца дIадолийначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дан долийра Дала зудчунна хIокху дуьненахь билгалъяьккхинчу меттиган а, цуьнан бакъонийн хьокъехь долу а, иштта дуккха а кхин а гIуллакхаш.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун маршаллин кехат дIадийшира Таймасханов ГIаласа: «Бусалба дино а, цуьнан законаша а бусалба зудчун сий лардо. Вайн дино уггаре а хьалха вайна, божаршна, тIедуьллу иза ларар а, цуьнан доладар а. Дала дийнна сурат доссийна зударийн хьокъехь. Цо а гойту динехь зудчун лаккхара мах хилар. Вайн Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьххьара тешнарг а, бусалба дин тIеэцнарг а, цунна дин даржорехь гIо динарг а зуда ю. Цуьнан хIусамнана Хадижат (Дела реза хуьлда цунна) ю иза. Тахана а бусалба зуда лоруш, цуьнан сийдеш, доладеш ду вай. Вайн кхане кхиошъерг, кхерчахь цIе латтошъерг, доьзал ийманехь кхетош-кхиошъерг зуда ю. Дала мукъ лахь, иза иштта хир а ду массо а хенахь».
Конференцехь дакъалоцуш бара Россин регионашкара юкъараллин декъехь къахьоьгуш болу зударий.
Зал юьззина, цхьана тхов кIел гулбеллачу зударша тоьшалла дора бусалба зуда юкъараллехь шен бакъо а йолуш, сийсазаллех маьрша а йолуш, шен халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьега кийча хиларна.
Хариханов Асвада доклад йира бусалба зудчун динехь йолу бакъонаш йовзуьйтуш. Конференцин дакъалацархошна, аьлча а, бусалба йижаршна тамехь яра цо йина доклад. Исламан шариIат девзаш болчу зударшна шайн бакъонаш йовзахь а, А.Харихановс доклад еш, шайн мел бакъонаш ю дуьххьара хезнарш а бара.
Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста, культурин хьакъйолчу белхахочо, искусствон хьакъйолчу гIуллакххочо Газиева Азас «Шен халкъан исторехь нохчийн зудчо дIалаьцна меттиг» темина доклад йира.
Нохчийн халкъан исторехь лар йитина нохчийн цхьа а зуда, йоI хьахоза ца йитира Азас. Даймахкана а, халкъана а тIе хало хIоьттича, уггаре а хьалха шайн сий лардеш, халонаш, харцонаш ловш чекхбевлла уьш.
Конференцин шолгIачу декъехь дийцира бусалба зудчун юкъараллехь йолчу меттигах лаьцна. Россехь дехаш, бусалба дин лелош дуккха а къаьмнаш ду. Царах хIораннан а шен-шен культура а, Iадаташ а ду. Оьздачу гIиллакхашца а, Iадаташца а догIуш долчу бусалбачу дино шен хIусамехь а, юкъараллехь а Iалашйо хIора зуда.
Оцу конференцих доккха беркат делира цуьнан дакъалацархошна.
ВЕГИЕВА Макка
№83, эсаран (октябрь) беттан 30-гӀа де