Масех де хьалха доккха, деза де дара Гуьмсан кIоштарчу Керла-Шоьнахь. Цигахь схьадиллира 200 стеган жамаIатехь ламаз дан аьтто болуш, керла рузбанан маьждиг.

Цул сов, маьждиган кертахь цхьаьна хенна 30 мутаӀелим Ӏамо лерина хьуьжар а йина.
Маьждиг схьаделларехь дакъалецира Къилбаседа Кавказан федеральни округан Ӏеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас, Гуьмсан кIоштан куьйгалхочо Магамадов Хьамзата, Ӏеламнаха, юкъараллин гӀуллакххоша, юьртан бахархоша.
Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас, доIа а дина, схьадиллира маьждиг. Гулбеллачара, ламаст а хилла дӀахӀоьттина махиллара, Делан хӀусамехь мовлад дийшира.
Иштта, Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас имамалла а деш, керлачу маьждигехь жамаӀат ламаз а дира.
Цу тайппана хаза совгӀат шайна дарх баккхийбийна а ца бовлу меттигера бахархой.
Маьждиге баьхкинчара Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна баркалла элира маьждиг дарна, иштта, шайн доIехь Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а, цуьнан Куьйгалхо а вийхира цара.
Билгалдаккха догIу маьждиг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах дина хилар.
А.КАНТАЕВ
№83, эсаран (октябрь) беттан 30-гӀа де