«Кхиаран меттигаш» а, «IT-кубаш» а туьшийн а, «Кванториум» технопаркийн а хьехархойн форум

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь «Кхиаран меттигаш» а, «IT-кубаш» а, «Кванториумаш» а Ӏилманан-технологийн туьшийн хьехархойн форум дӀаяьхьира. Форум шина дийнахь лаьттира.

Хууш ма-хиллара, «Кхиаран меттигаш» («Точки роста») ярташкахь а, кегийчу гӀаланашкахь а юкъарчу дешаран учрежденешкахь вовшахтоьхна туьшаш ю, ткъа «Кванториум» берийн технопарк ю, «IT-кубаш» берийн терахьийн дешар кхиоран туьшаш ю. Церан массеран а коьрта Ӏалашо ю похӀма долу бераш билгалдахар а, церан хьуьнарш кхиор а.

Университетан студенташа а, ткъа иштта, Соьлжа-ГӀалахь йолчу Берийн хьуьнарш кхиоран кхитӀе а долчу дешаран туьшан дешархоша а леррина кечйинчу концертан программица дӀайолийра Форум.

Нохчийн къоман хелхаро некъан хало яйъина хеталора, форуман хьеший а, дакъалацархой а дегнаш айаделла бара.

Форум схьайоьллуш дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Байханов ИсмаьӀала а.

Соьлжа-ГӀалахь дӀахьош йолчу СКФО-н Форуман дакъалацархошка, леррина кост деш, видеозӀенехь йистхилира Россин Федерацин серлонан министран заместитель Васильева Татьяна.

Массара а билгалдоккхура Къоман «Дешар» проектан коьрта Ӏалашо 2030-гӀа шо кхачале Россин Федерацин дешар тоьлла дешар долчу 10 пачхьалкхана юкъахь хилийтар хилар. Ткъа иза хьехархойн гӀоьнца бен яккхалур йоцу ирхе ю.

Форуман болх очни а, дистанционни а кепара бара.

Мероприятин очни программехь дакъалоцуш СКФО-н субъекташкара «Кхиаран меттигаш» а, «IT-кубаш» а, «Кванториумаш» а школийн туьшашкара 305 хьехархо а, дешаран учрежденийн куьйгалхо а вара. Онлайн рожехь дакъалоцуш 2 эзар сов говзанча вара.

Форуман шолгӀа дакъа «Хьуьнар долу бераш кхиоран коьрта а, кхитӀе а долу дешар» аьллачу темина лерина пленарни сесси хилар дара. Иза дӀахьош бара модераторш ГӀезалойн Республикин хьакъйолу хьехархо, «Россин серлонан министерствон академин» ФГАОУ-н кхитӀе а долчу корматаллин дешаран хаамийн-аналитикин а, проектийн а гӀо даран туьшан заместитель Сулима Лариса а, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан «Хьехархойн пхьалгӀин» куьйгалхо Динаев Ӏалихан а.

Форум дӀахьош, дакъалацархойн керлачу технологех пайда а оьцуш, лакхахь хьахийначу Берийн хьуьнарш кхиоран кхитӀе а долчу дешаран туьшийн зеделларг довза аьтто хилира.

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь хилла ца Ӏаш, иштта, Устрада-ГӀалахь йолчу А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Дешаран туьшахь а, КхитӀе а долчу дешаран регионан туьшахь а дӀадаьхьира форуман дакъош.

Форуман программин хьалхарчу дийнахь пленарни ши сесси хилира: «Берийн хьуьнарш кхиоран коьрта а, кхитӀе а долу дешар»; «Дешаран организацешкахь йолчу «Кхиаран меттиг» а, «IT-куб» а туьшашкахь Берийн «Кванториум» технопаркаш вовшахтохар а, болх дӀахӀоттор а».

Къоман «Дешар» проект кхочушъярх а, берийн хьуьнарш кхиоран коьрта а, кхитӀе а долчу дешарийн коьрта проблемаш йийцаярх а лаьцна дийцира сессешкахь.

ШолгӀачу дийнахь А.Айдамировн цӀарахчу къоман библиотекехь Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу пачхьалкхан филармонин арстисташа концерт гайтира. Вайн хьешашна чӀогӀа тайнера нохчийн къоман хелхарш а, эшарш а.

З.АХЪЯДОВА
№83, эсаран (октябрь) беттан 30-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: