«Со – россихо ву»

IMG_1751

иштта цIе йолу гIуллакх дIадаьхьира

«Единая Россия» партин жигархоша

Х1ора шарахь а шуьйрра билгалдоккху вайн махкахь Россин Де. Иштта, кху шарахь 11-чу июнехь Соьлжа-Г1аларчу В.В. Путинан ц1арах йолчу проспектехь а «Единая Россия» партин нохчийн регионан отделенин исполкомо «Со – россихо ву» аьлла йолу акци д1аяьхьира оцу Денна лерина. Цигахь дакъалоцуш вара партин кхо б1е сов жигархо. Цара нахана д1асадийкъира ткъа эзар сов лента. Шаьш арабаьккхина некъ бовзуьйтуш, 12-г1а июнь  Россин Де хилар билгалдоккхуш къамелаш  дира цара. Вайн пачхьалкхан къоначу ц1ейх цхьаъ ду Россин Де. Оцу денна леринчу «Т1еман Сийлалла» аьлла ц1е йолчу акцехь,  Соьлжа-Г1алин урамашкахула д1асалела машенаш сеца а еш, церан куьзганаш т1е ленташ туьйсуш арабевлларш, партин, Старопромысловски а, Заводской а, Октябрьски а, Ленински а, иштта, Грозненски а  отделенийн жигархой бара. Билгалдаккха дог1у,  машенийн куьзганаш т1е лента дихкинчара шайна бевза-безачарна а дала лахьара бохуш, кхин а ленташ доьхуш хилла хилар. Акци вовшахтоьхначу «Единая Россия» партин отделенийн  жигархошна даггара баркаллаш бохура бахархоша

И.АТАГОВ

Авторан сурт

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: