Республикин 50% сов бахархоша дакъалаьцна Ерригроссин бахархой дӀаязбарехь

Нохчийчохь жигара дӀахьош ду Ерригроссин бахархой дӀаязбар (Всероссийская перепись населения).

Иштта, хӀинцале а цигахь дӀаязбинчу республикин бахархойн тӀегӀа 50% сов ду.

Церан могӀарехь бу «Госуслуги» портала чохь шаьш дакъалаьцнарш а.

Цхьа стаг (я доьзал) дӀаязварна оьшу хан, юкъарчу барамехь, 20-25 минот ю.

Цул сов, бахархой дӀаязбарца доьзна хаттаршна билгалъяьккхина леррина номер а ю вайн махкахь — 8(8712)21-22-39.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: