Ерригроссин бахархой дӀаязбар дӀадахьаран лидершлахь ю Нохчийчоь

Ерригроссин бахархой дӀаязбар (Всероссийская перепись населения) дӀадахьаран лидершлахь ю Нохчийчоь. Оцу хьокъехь хаам бина Росстатан куьйгалхочо Малков Павела.


Цо билгалдаккхарехь, Россин субъекташа масал эца догӀу бахархой дӀаязбаран декъехь Нохчийчохь дӀахьочу балхах.

Карарчу беттан 14-гӀа де кхаччалц лаьттар долчу оцу дӀаяздарехь жигара дакъалоцуш бу республикин бахархой а. Оцу хьокъехь махкахошка кхайкхам Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а бинера.

Бахархошна лерина дакъалацаран 3 кеп ю:1️⃣Дукхахьаштийн туьшашкахь (МФЦ) дӀаязбар;2️⃣»Госуслуги» портала тӀехь дӀаязбалар;3️⃣Бахархой дӀаязбархой дӀасалеларехь дӀаязбар.

Цуьнан гурашкахь бахархоша хоржу шайн ненан мотт, шаьш буьйцу мотт, иштта, шайна хуу меттанаш.

Цул сов, шайн къам а, Даймохк а къастабо, билгалйоху шаьш дӀаяздина меттигаш, шайн доьзалхой а тӀеязбо, и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: