Хууш ма-хиллара, карарчу беттан 15-чохь дуьйна дӀаболийна бу Ерригроссин бахархой дӀаязбаран (Всероссийская перепись населения) болх.
ТӀебогӀучу беттан 14-гӀа де кхаччалц лаьттар долчу оцу дӀаяздарехь жигара дакъалоцуш бу республикин бахархой. Оцу хьокъехь махкахошка кхайкхам Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а бинера.
Бахархошна лерина дакъалацаран 3 кеп ю цигахь:1️⃣Дукхахьаштийн туьшашкахь (МФЦ) дӀаязбар;2️⃣»Госуслуги» портала тӀехь дӀаязбалар;3️⃣Бахархой дӀаязбархой дӀасалеларехь дӀаязбар.
Цуьнан гурашкахь бахархоша хоржу шайн ненан мотт, шаьш буьйцу мотт, иштта, шайна хуу меттанаш.
Цул сов, шайн къам а, Даймохк а къастабо, билгалйоху шаьш дӀаяздина меттигаш, шайн доьзалхой а тӀеязбо, и.д.кх.а.