Россин кхийолчу субъекташкахь а санна, вайн республикехь а жигара дӀахьош ду Ерригроссин бахархой дӀаязбар (Всероссийская перепись населения).
Карарчу беттан 15-чохь дӀаболийна и болх тӀебогӀучу беттан 14-гӀа де кхаччалц лаьттар бу.
Бахархошна лерина дакъалацаран 3 кеп ю цигахь:
1) Дукхахьаштийн туьшашкахь (МФЦ) дӀаязбар;
2) «Госуслуги» портала тӀехь дӀаязбалар;
3) Бахархой дӀаязбархой дӀасалеларехь дӀаязбар.
Цуьнан гурашкахь бахархоша хоржу шайн ненан мотт, шаьш буьйцу мотт, иштта, шайна хуу меттанаш.
Цул сов, шайн къам а, Даймохк а къастабо, билгалйоху шаьш дӀаяздина меттигаш, шайн доьзалхой а тӀеязбо, и.д.кх.а.