Кху деношкахь Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни «Сийлаллин аллей» комплексехь дIадаьхьира Россин денна лерина даздарш. Цигахь дакъалоцуш дара республикин куьйгалла. Дезчу денца Нохчийчоьнан бахархой декъал а беш, вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а. Шен къамелехь Даудов Мохьмада элира:
– Пхийтта шо хьалха Россин Президента Путин Владимира куьг яздира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIотторан хьокъехь долчу Указна. Тахана шуна юккъехь болчарна дуккханна а дагадогIу хир ду иза. Хала хан яра иза. Дега шен доьзалх жоп ца далалуш, вашас шен ваша лоьхуш. Цкъа а паргIато, синтем хир буй техьа, олий дагадогIура. Росси дIасавахана стаг ша нохчи вуй ца хаийта гIерташ хуьлура. Вайн къомаца бала болуш, цунах жоп дала лууш цхьа а вацара. Уггаре а халачу хенахь нохчийн къомана орцахваьлларг Ахьмад-Хьаьжа вара (Дала гечдойла цунна). Иза вайна хууш ма-хиллара, ямарт наха тешнабехк бина, декъалхилира. Тахана маьрша зама ю. ТIекхуьуш къона чкъор ду. Вайн Iалашо ю кегийрхой шен махкана пайдехь, ийманехь, кхетош-кхиор. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
Дезачу дийнахь дукха кегийрхоша схьаийцира Россин гражданаш хилар чIагIдеш долу паспорташ. Уьш кегийрхошна дIаделира Даудов Мохьмада. Цхьаьнакхетар дерзийра къоначу артисташа концертни программа гайтарца.
З.АРБИЕВА
Авторан сурт
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо