Ерригроссин бахархой дӀаязбарехь (Всероссийская перепись населения) «Госуслуги» портала тӀехь дакъалаца кхин а 1 кӀира лур ду. Оцу хьокъехь хаам бина Росстатан куьйгалхочун заместитела П.Смеловс.
Цо билгалдаккхарехь, бахархой дӀаязбарехь «Госуслуги» портала тӀехь дакъалаьцна 20 млн россихочо.
Бинчу хийцамо россихошна бакъо ло бахархой дӀаязбарехь «Госуслуги» портала чохь карарчу беттан 14-гӀа де кхаччалц дакъалаца.
Вуьшта, Россин мел йолчу субъекташкара жамӀаш вовшахтохаро хоуьйту 3 кепара дӀахьочу Ерригроссин бахархой дӀаязбарехь Россин 63% бахархоша (90 млн гергга стаг) дакъалаьцна хилар.
И болх жигара дӀахьош бу вайн республикехь а — тӀаьххьарчу хаамашца а догӀуш, Нохчийчоьнан 80% сов бахархой дӀаязбина цуьнан гурашкахь.