«Бенахь бIаьсте»

IMG_5736

Бенахь бIаьсте» аьлла къоман ловзарийн фестиваль дIаяьхьира Нажи-Юьртан районерчу Бенахь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Эдельгириев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, вайн республикин министерствийн, ведомствийн векалш, иштта гуонахарчу регионашкара хьеший.

Вайн республикин ерриге а бохург санна районашкара командаш яра цигахь дIадаьхьначу спортан ловзаршкахь дакъалоцуш. 14 тайпана дара дIахьош долу ловзарш, уьш дара: бовдар, говраш хахкар, охьатохарх латар, боксах латар, геналла тIулг кхоссар, иштта кхин а. Толаман меттигаш яьхначарна совгIаташ а дира.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондан чоьтах Бенарчу берашна 500 вилспет яийтинера оцу фондан президента Кадырова Айманис. Уьш дIасайоькъучу хенахь доза доцуш даккхийдер хаалора берийн яххьаш тIехь.

Циггахь сольни концерт хилира нохчийн къоначу артистан Алиева Рашанин, иштта гулбеллачийн самукъадаьккхира хелхарийн а, эшарийн а кхин масех тобано.

Цхьаьнакхетар дерзош шатлакхаш кхийсира.

Р.МУСИПОВ

Авторан сурт

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: