Чекхдевллачу мукъачу деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорткомплексехь дIаяьхьира «Грозная битва –3» цIе йолу ийначу кепара латарехула дуьненаюкъара турнир.
Къийсадаларшка хьовса баьхкинера: Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгириев Абубакар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад а, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам а, кхиболу официальни нах а. Иштта латаршка хьовса баьхкинера дуьненахь бевзаш болу спортсменаш, К-1 версехь дуьненахь тоьллачех волу латархо Хари Бадр, UFC-н экс-чемпион Эдгар Фрэнк, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула олимпиадин кхузза чемпион Сайтиев Бувайсар, грэпплингехула дуьненан чемпион Нурмагомедов Хьабиб, кхиболу спортсменаш.
Оцу къийсадаларийн гурашкахь дIадахьа билгалдинарг 16 цхьаьнакхетар дара. ХIора латарехь дакъалоцуш бара республикин «Ахмат» спортклубан декъашхой.
Турниран коьртачу цхьаьнакхетарехь дегIан йозалла 93 кийла йолчу категорехь Эдилов Iабдал-Керимна ах минот а ца ийшира Бразилерчу Гослинг Леонардана тIехь толам баккха. Оццу категорехь леташ волчу Гришин Максима хорам беш йолу прием ярца эшийра Францера Мерад Малик.
ДегIан йозалла 57 кийла йолчу категорехь Ирасханов Шемала а, Евлоев Юнуса а хенал хьалха толамаш бехира.
ДегIан йозалла 61 кийла йолчу категорехь Дудаев Рахьмана хорам беш йолу прием ярца эшийра Казахстанера Муцнек Денис. Ткъа Малютин Михаилан Болгарерчу Кичуков Сатирца хиллачу къовсамехь суьдхоша толам «Ахмат» клубан декъашхочунна белира.
ДегIан йозалла 77 кийла йолчу категорехь Дудаев Черсинна а, Ушуков Бесланна а кхоккха минот тоьира шайна дуьхьала леташ болчарна тIехь толам баккха. Ткъа Вагаев Абубакар эшийра дуьненахь а вевзаш волчу Швейцарерчу Энамото Ясубейс.
ДегIан йозалла 70 кийла йолчу категорехь Асхабов Хьасана хьалхарчу раундан йоьалгIачу минотехь эшийра Швейцарера Вейбел Грегор. Бетергераев Зурабна а цхьа раунд тоьира шен Iалашоне кхача. Цо хорам беш йолу прием ярца эшийра Бразилера Рикардо да Силва. Иштта Завуров Шемална 42 секонд тоьира Бразилера Франк Гермес эшо.
ДегIан йозалла 84 кийла йолчу категорехь Мадаев Iарбис шолгIачу раундехь эшийра Узбекистанера Гадоев Улугбек. Ткъа Абдурахманов Саламун Хорватера Васич Девидна тIехь толам баккха кхо минот а ца ийшира.
ДегIан йозалла 65 кийла йолчу категорехь Жамалдаев Салмана технически нокаут ярца эшийра Гульдерлан Франциско. Ткъа шен корматаллин новкъахь цкъа а эшийна воцчу Асхабов Хьусейна лазош йолу прием ярца толам баьккхира Францерчу Гуейе Мамадуна тIехь. Иза Асхабовн 11-гIа толам бара.
Латаран шоу дIахьош вара Россехь дика вевзаш волу ринг-анонсер Загорский Александр.
А.АБДУЛАЕВ
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо
