Россин халкъийн цхьааллин денца Р.Кадыров декъалвина В.Путина

Халкъийн цхьааллин денца Кадыров Рамзан декъалвина Путин Владимира — декъалдаран кост даийтина Россин Президента.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина: «Халкъашна а, конфессешна а юкъахь вежараллин уьйраш тийсарца евзаш хилла Росси даима а. Махкана хала мур тӀехӀоьттича, Даймехкан тайп-тайпанчу дакъошкарчу кӀентарша а, йоӀарша а, гӀовттий, машаран а, кхиаран а дуьхьа шайн догӀмаш дӀаделла. Мел долчу халкъийн барт а, цхьаалла а хилча бен Россин ирсан кхане хирг цахиларх тешна ву со».

Путин Владимиран хӀора а сацам оцу Ӏалашонца хилар а тӀетоьхна республикин Куьйгалхочо, Россин бахархой, къаьмнаш а, динаш а ца къестош, цуьнан весеташна а, тӀедахкаршна а муьтӀахь хила безарна тӀе тидам а бохуьйтуш.

«Накъост Коьрта Буьйранча, оха хьо юьхьӀаьржа хӀоттор вац! Декъалдар даийтарна баркалла хьуна», — яздина цо.

Иштта, декъалдар даийтарна, Россин Президентан Администрацин куьйгалхочунна Вайно Александрана а баркалла аьлла Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: