Схьабиллина керла некъ

Нохчийн Республикехь Сог1унтIа–Хошкалда ярташна юккъехь Сесанарчу Ташу-Хьаьжин  цIарах керла некъ схьабиллира. Цо «Кавказ» федеральни трассица вовшахтуху Бена юрт.

Некъ даздаран хьолехь схьабиллира Гуьмса районехь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхин Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгириев Абубакар, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, кхиболу официальни нах.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира республикин некъийн инфраструктура кхиорна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар. «Республикин куьйгаллин коьрта Iалашонех цхьаъ иза лаьмнийн районаш кхиор ю. Оцу Iалашонца дуккха а тIайш а дехкина, бIеннаш километраш асфальт а йиллина. Со тешна ву, хIара некъ схьабелларо Нажи-Юьртан районехь инвестицеш совйохург хиларх а, иштта кхуза туристаш леларг хиларх а. Цул сов, кхузарчу ярташкарчу бахархошна дIасабаха аьтто болуш некъ а бу хIара», – бохура цо.

Тумхаджиев Абубакара билгалдаьккхира схьабиллинчу некъаца керла маршрут д1айоьллург хилар.

«Бена юьртара Шелковски районе воьдучунна, хьалха санна, дуккха а ярташна гуо а ца тосуш, дуьххьалдIа ваха аьтто болуш бу хIара некъ. Суна даггара баркалла ала луур дара некъ биллар тIедиллина волчу регионан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, иштта цигахь дакъа мел лаьцначунна а», – тIетуьйхира цо.

Цул тIаьхьа даздаран хьолехь схьабиллира Сог1унтIа–Хошкалда  некъ.

Билгалдаккха догIу, некъ цхьа шо ах шо хьалха бан болийна хилар. Иза 20 километр беха а, 10 метр шуьйра а бу.

А.ТЕРЛОЕВ

 № 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: