Коронавирусан инфекцица къийсам латторехь коьрта ларалуш ду вакцинаци яйтар. Иштта, и вирус дӀасацаяржийтарна маьӀне ду, цуьнан хьалхара билгалонаш хааелча, бахархой сихонца лоьрашна тӀекхачар.

Цул сов, вайн махкахь жигардаьккхина коронавирусан инфекцица къийсам латторан лехамаш кхочушбарна тӀехь терго латтор.
Хууш ма-хиллара, карарчу беттан 11-чохь дуьйна COVID-19-на дуьхьал вакцинаци яран QR-кодаш (я кехатан тоьшаллаш) а, туьтмӀаьжигаш а хила езаш ю бахархошкахь:
1. Юкъараллин транспортах пайдаоьцуш;
2. Культурин а, самукъадаккхаран а, махлелоран а, кхачанан а туьшашка боьлхуш;
3. Хьашташ кхочушдаран учрежденешка боьлхуш;
4. Дукхахьаштийн туьшашка (МФЦ) боьлхуш;
5. Финансийн а, кредитийн а организацешка боьлхуш.
И лехамаш, респираторан вирусийн инфекцешца а, коронавирусан инфекцица а доьзна хьал чолхе даларца доьзна, Нохчийн Республике коронавирусан инфекцина чуяр а, яржар а цахилийтаран кадечу штабо юкъабаьхна бу.
И.ИСЛАМОВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де