Ерригроссин бахархой дӀаязбар дӀадахьарехь хьалхарчарах ю Нохчийчоь

Оцу хьокъехь хаам бина Росстатан куьйгалхочо Малков Павела.

Цо билгалдаккхарехь, Россин субъекташа масал эца догӀу бахархой дӀаязбаран декъехь Нохчийчохь дӀахьочу балхах.

Карарчу беттан 14-гӀа де тIекхаччалц лаьттар долчу оцу дӀаяздарехь (Всероссийская перепись населения) жигара дакъалоцуш бу республикин бахархой а. Оцу хьокъехь махкахошка кхайкхам бинера Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Бахархошна лерина дакъалацаран 3 кеп ю:
1. Дукхахьаштийн туьшашкахь (МФЦ) дӀаязбар;
2. «Госуслуги» портала тӀехь дӀаязбалар;
3. Бахархой дӀаязбархой дӀасалелаш дӀаязбар.

Цуьнан гурашкахь бахархоша хоржу шайн ненан мотт, шаьш буьйцу мотт, иштта, шайна хуу меттанаш.

Цул сов, шайн къам а, Даймохк а къастабо, билгалйоху шаьш дӀаяздина меттигаш, шайн доьзалхой а тӀеязбо, и.дI.кх.а.

Иштта, хӀинцале а цигахь дӀаязбинчу республикин бахархойн тӀегӀа 50 процент сов ду. Церан могӀарехь бу «Госуслуги» портала чохь шаьш дакъалаьцнарш а.

Цхьа стаг (я доьзал) дӀаязварна оьшу хан, юкъарчу барамехь, 20–25 минот ю.

Цул сов, бахархой дӀаязбарца доьзначу хаттаршна билгалъяьккхина леррина номер а ю вайн республикехь – 8(8712)21-22-39.

№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: