Кадыров Рамзанан Халкъийн цхьааллин денца доьзна декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан уггаре а чIогIа маьIне долчу дезачу денойх цхьаъ долчу Халкъийн цхьааллин денца. Вайн мехкан ладамечу хиламийн рузманехь къаьсттина меттиг дIалоцу цо.

Оцу дезачу дийно дагадоуьйту вайна вайн коьрта ницкъ юкъараллехь цхьаалла, барт, аьхналла хиларехь хилар.

Даккхийчу зерех чекхбийла дезна вайн Даймехкан. Тайп-тайпанчу муьрашкахь къиза тIемаш, экономикин а, политикин а баккхий бохамаш, революцеш лан дезна вайн. Амма вайн цхьаалла, ваьшта таьIна хилар бахьана долуш, хьокъала доллу жоп делла вай вайна хан-заманца кхийсарш еш мел хиллачарна!

ХХ–ХХI-чуй бIешерийн зилехь вуно къиза хиламаш хиллачул тIаьхьа, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина шен коьрта декхар хетара масийтта декъе декъаделла халкъ цхьаьнатохар, цуьнан барт бар.

Хьикмате, генна хьалха хиндерг гуш волу политик хиларе терра иза дика кхеташ вара юкъараллехь цхьаалла хилчий бен республика когахIотталург цахиларх.

ХIинца, хиллачуьнга юхахьаьвсича, тхо кхета иза нийса хилла хиларх! Билггал оцу цхьаалло таро елира вайна цхьаьний республика денйина, цIанйина, хазйина, куьце ялийна дIахIотто.

Вайн йистйоцчу махкара а, дерриге а дуьненара а адамаш шена тIеийзош йолу меттиг хилла дIахIоьттина Нохчийчоь.

Хьомсара махкахой! Даггара лаьа шун кортошна тIехула маьрша стигал хуьлийла, доьзалехь аьтто, ийман, беркат хуьлийла, шун кхиамаш хуьлийла. Дезачу денца!

№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: