Халкъийн цхьааллин денна лерина фестиваль

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь Халкъийн цхьааллин денна лерина «Нохчийн Республика – доттагIаллин цIе» фестиваль дIаяьхьира.

Нохчийчохь дехачу халкъийн культура а, гIиллакхаш а лардаран Iалашонца дIахьош яра фестиваль.

БIешерашкахь дуьйна нохчийн халкъаца цхьаьна Нохчийчохь бехаш бу 40 гергга къоман векалш. Вовшашца ларам болуш, диканехь-вуонехь дакъа а лоцуш, республика кхиорехь жигара дакъалоцу цара.

Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада, НР-н Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, кхечара.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах Россин халкъийн цхьааллин денца фестивалан дакъалацархой декъалбира Дудаев Ахьмада.

– Тахана вай халкъийн цхьааллин де билгалдоккхуш вовшахкхетта кху чохь. Таханлерчу машарх мел беза мах белла хууш ду вай. Делахь а, денна а вайн барт, цхьаалла, машар бохо гIерташ, вайн чIагIалла ла ца луш цхьа нах бу. Дала мукъ лахь, церан ницкъ кхочур бац шайн Iалашонашка кхача. Кхин цхьа хIума а билгалдаккха луур дара суна. ТIаьхьарчу хенахь, вайн бераш чIогIа марзделла телефонаш чухула ма-ярра эфираш дIаяхьа. Россехь тайп-тайпанчу субъекташкахь, бераша иштта эфираш а еш, баларш хилла. Сан чIогIа дехар ду, вайн кхане йолчу оцу вайн берийн тергояр. Нагахь вай сема ца хилахь, хала яьккхина хIара маршо эрна хир ю. МостагIчун луур дер ду. Цундела вайн барт хила беза, цхьаалла а хила еза. Кхин цкъа а декъал до шу хIокху дезачу денца, – элира Дудаев Ахьмада.

Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташца билгалбехира Нохчийчохь дехачу халкъашна юкъахь барт, цхьаалла чIагIъярехь культурин а, юкъараллин а декъехь къахьоьгуш болу белхахой.

Къоман культурин туьшашкарчу артисташа концертан программа гайтира.

Иштта, хIора а туьшо шайн къоман кхача бовзуьйтуш, стоьлаш кечйинера.

Цул сов, пхьераша йина чохь-арахь лелош болчу дечиган а, аьчкан а гIирсийн а, куьйгаговзанчийн белхийн а гайтам вовшахтоьхнера.

ВЕГИЕВА Макка
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: