Р.Кадыров реза хилира Устрада-ГIаларчу физически а, реабилитацин а медицинин иннованионни туьшан балхана

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана теллира Устрада-ГIаларчу физически а, реабилитацин а медицинин инновационни туьшан болх. Оцу учрежденин куьйгалхочуьнца Ахмадов Аптица цхьаьна иза хьаьжира дархошна кхоьллинчу хьелашка, шена вакуумни терапи а яйтира.

А.Ахмадовс республикин Куьйгалхочунна бовзийтира реабилитацин туьшан балхахь болу коьрта кхиамаш.

Ша аьлча, цо билгалдаьккхира учреждени дуьненан кхузаманахьлерчу лехамашна а, стандарташна а жоп луш хилар, дархойн медицинин хьашташ уггаре а лакхарчу тIегIанехь кхочушдеш хилар.

«Оха жигара цхьаьна гIуллакхаш до немцойн цIеяхханчу говзанчашца, организм къонъярна тIехьажийна цаьрца цхьаьна тайп-тайпана программаш кхочушйо. Цуьнца цхьаьна Туьшо реабилитацин а, медицинин а цхьамогIа хьашташ кхочушдо хала цамгарш текхна, чолхе операцеш йина болчу дархойн а, ткъа иштта заьIапхойн а», – бохура А.Ахмадовс.

Цо дийцарехь, хIокху туьшахь дархойн аьтто бу вакуумни интервальни терапин (VACUMED) физиотерапин аппаратах а, OXYTERRA аппаратах а пайдаэца.

Р.Кадыровс шена тIехь зийра VACUMED аппарат. Иза чIогIа реза а хилира йинчу процедурина. Иштта, цо мах хадийра Туьшан керт-ков куьце ялош бинчу белхан.

Кхузахь дархошна вуно дика хьелаш кхоьллина могашалла меттахIотторна. Соьналла а йолуш, садаIа йоккха меттиг ю. Кхузахь чухчари а, айма а, ур-атталла зоопарк а-м дера ю.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира медицинин долахь сектор кхиорна регионехь дерриге а хьелаш кхуллуш хилар.

Цо аьлла ма-хиллара, оцу балхо таро лур ю медицинин пачхьалкхан учрежденийн болх аттачу баккха а, могашаллаIалашъяран декъехь беркате конкуренци хилийта а.

Кадыров Рамзана баркалла элира Ахмадов Аптина болх дика а, эвсаре а барна.

Билгалдаккха деза физически а, реабилитацин а медицинин инновационни туьшахь дархойн УВЧ-терапи, магнитотерапи, физиотерапи яйта, массаж яйта, кхидолу хьашташ кхочушдайта аьтто хилар.

Учреждени административни, дIабийшаран, медицинин блокех, ткъа иштта кхача буучу чоьнах, садаIаран меттигах лаьтташ ю.

Санаторни-курортан дарбанаш дарна юкъадогIу кхузахь Iар, дукхазза кхача баар, могашалла меттахIотторан, реабилитацин курсаш дIаяхьар, культурин-садаIаран гIуллакхаш кхочушдар.

Д.ПАШАЕВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: