Шемарчу курдийн гIаттамхоша хIокху деношкахь ондда тохар дира «Иблисан пачхьалкхерчу» гIеранашна, царах ткъеиттех стаг вен а вуьйш. ГIаттамхойн могIаршка хIуьттуш бу тIеттIа керла курдаш.
***
Иракан Iедалан эскарша мехкан къилба-малхбалехь йолчу масех гIалахь тIаьхьарчу деношкахь дIахьош бу цигара «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш лахкарна тIехьовсийна тIемаш.
***
Ливин пачхьенехь лачкъийна Туннисан бархI вахархо. И зулам хьан дина хууш дац. Цунах долу жоьпалла тIе ца эцна оцу махкарчу экстремистийн цхьана а боламо.
***
Къилба Корейхь алсамбовлуш бу MERS коронавирус йолчеран барам. ТIаьхьарчу хаамца 150 гергга стаг ву оцу цамгаран бала токхуш.
***
Малхбален Европерчу мехкашкахь а, Прибалтикехь а шен тIеман еза техника дIахIотто лерина ду США-н куьйгалла. Иза къобалдо Румынин, Польшин, Латвин, Литван, цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша.
***
Евросоюзан кредиторашца хилла дийцарш юха а цхьа а барт ца хуьлуш дирзина Желтойчоьнан правительствон декъашхойн.
***
Къилба Африкин Республикехь Африкин союзана юкъайогIучу пачхьалкхийн саммит хилира. Цигахь дийцаре дира Африкехь кхолладелла экономикин а, политикин а, социальни а синтеме доцу хьелаш.
***
Италин а, Францин а дозанашкахь совцийна Iаьрбийн а, Африкин а мехкашкара баьхкина нелегалаш. Уьш дIатарбан ларош дац оцу шина пачхьалкхан Iедалш.
***
Гуьржийчохь хиш дестар бахьанехь хиллачу бохамехь 13 стаг кхелхина, 24 стагах хилларг хууш дац. Хиш дестаро оцу махкана 23 миллион долларна зен дина.
***
Белоруссехь Ил-103 кема доьхна, стиглара чудеана. Цу тIехь хиллачу шина пилотах цхьа а дийна ца висина. Бохам хиларан бахьана толлуш бу эксперташ.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара 185-зза талхийра герзаш деттар сацоран хьокъехь Минскехь бина хилла барт. Цара герзаш деттачу хенахь чевнаш йина Франа-пресс агентствон журналистана.
***
2016-чу шарахь футболах ловзаран Европин чемпионатехь ловза бакъояккхарехьа долчу рогIерчу цхьаьнакхетарехь Россин вовшахтоьхна команда жамI 0:1 долуш эшна Австрин вовшахтоьхначу командел.
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо