НР-н Яздархойн союзехь — поэт дагалоцуш

Нохчийн Республикин Яздархойн союзо поэт Дикаев Мохьмад дуьнен тIе ваьлла 80 шо кхочуш (1941) зорбане яьккхина цуьнан байтийн гулар.

Гуларна юкъаяхана Дикаев Мохьмадан 60-чу шерашкахь а, цул тIаьхьа а зорбане йийлинчу байтийн гуларшна тIера «Нохчийн хIусам» (1965), «Догу сан дог» (1967), «Деган мерзаш» (1971), «Стеган цIе», иштта, хьалха зорбане йовлаза байташ, статьяш.

Дикаев Мохьмад шена Дала деллачу похIмица, шен сица, амалца воккха поэт хилла.

Цуьнан поэзи нохчийн литературин йоккха хазна ю. Амма доца хилла поэтан дахар — 1979-чу шарахь кхелхира иза.

Поэт, Iилманча, драматург санна вевза М.Дикаев вайн махкахь а, дозанал арахьа а.

Цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш а, эшарш а ю нохчийн бевзачу иллиалархоша а, эшаршлакхархоша а дIаолуш.

I.ИРИСХАНОВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: