«Бералла» – 2021-чу шеран тоьлла журнал

Россин пачхьалкхан берийн библиотекехь дIаяьхьира ерригроссин берийн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула йолу «Дешан саьхьарло» VII-гIа конкурс.

Россехь арахоьцучу берийн журналаша дакъалецира цигахь. Иштта, «горга стоьлаш» а дIаяьхьира цигахь. Дийцаре дира терахьийн, интернетан заманахь книгех а, журналех а бераш хердаларх лаьцна долу гIуллакх.

Амма, муьлххачу а гIуллакхан йист яккхалуш хиларе терра, берийн ешаре уьйр-марзо чIагIъен долу керланиг а довзийтира цара. Цул сов, докладаш а йира.

ХIора а журналан мах хадош, церан Iалашонаш толлуш, леррина жюри яра цигахь. Берашна, дай-наношна лерина ярмарка вовшахтоьхнера конкурсехь.

ХIокху шарахь цигахь дуьххьара дакъалецира Нохчийн Республикехь дукха хан йоццуш арадала доладеллачу «Бералла» цIе йолчу берийн журнало.

– Россин субъектийн берийн журналашна юкъахь и конкурс ворхIалгIа дIахьош яра. Цигахь дакъалоцуш яра, белхан зеделларг долу, яккхий таронаш йолу изданеш. Царна юкъахь толаме са а ца туьйсура ас, делахь а, журнал довзийтар а хир аьлла, дакъалецира. Гайтаме даьхнера ерриге а номершкара масех журнал. Суна теша хала дара, дагна тамехь хиллехь а, оцу журналашна юкъахь сайн журнал тоьлларг ду аьлла, толаман меттиг яларх. Массарна а бохург санна тайнера «Бералла» журнал – нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арадолуш хилар а, хIокху заманан лехамашна жоп луш хилар а, – дийцира РФ-н а, НР-н а культурин хьакъйолчу белхахочо, берийн «Бералла» журналан коьртачу редактора Сайдумова Зулайс.

Сайдумова Зулайна санна, вайна, нохчашна а боккха кхаъ бу «Бералла» журнало толам баккхар.

Журналан йиъ номер зорбане яьлла, кеста журналан ешархойн аьтто хир бу цуьнан пхоьалгIа номер еша а.

ВЕГИЕВА Макка
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: