Къола дарна мукIарло дина
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Курчалойн кIоштахь йолчу отделе, ша къола дина хиларан хьокъехь хаам бина 1981-чу шарахь вина волчу Курчалой гIаларчу вахархочо.
Цо даре дина дIадаханчу шеран гӀуран (декабрь) баттахь ша 4 300 сом ахча лачкъийна хиларна. Цунна тIедиллина полицин отделе вар. Оцу гIуллакхан хьокъехь таллам бу дIахьош.
Наркотикашца къийсам дIахьо
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша, «Терго» цIе йолу оперативни-лахаран мероприяти дIахьош, сацийна 1992-чу шарахь вина волу Устрада-ГӀалин вахархо.
Таллам дIахьош, цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, таьIна-баьццарчу басахь, аьтта йолу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик.
Вахархочо дийцарехь, и наркотик цо шена пайдаоьцуш лелош хилла.
Схьаяьккина наркотик 20 грамм ю. Вахархочунна тIедиллина полицин отделе вар. Цо динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъо билгалдинчу зуламан билгалонаш ю.
Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше.
Некъан-транспортан бохам
«Кавказ» некъан 674 километрехь ши автомашен вовшах а кхеташ, некъан-транспортан бохам хилла. Гуьмсе–Устрада-ГIала новкъахь 1979-чу шарахь вина волчу Курчалойн кIоштан БӀаьчи-Юьртарчу вахархочо, шен «ТОЙОТА КАМРИ» автомашен тIетоьхна Устрада-ГIалара араволучу 1991-чу шарахь вина волчу Гуьмсан кIоштан Хошкалдарчу вахархочун «Лада-Приора» автомашенна.
Некъан-транспортан бохам хилар бахьанехь автомашенийн ший а водитель кхелхина. Ткъа «ТОЙОТА КАМРИ» автомашена чохь хилла, 1989-чу шарахь вина волу пассажир Устрада-ГӀалийн №1 йолу больницин травматологин отделене вигна.
Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу, таллам а дIахьош бу.
Киранаш дIасакхехьа бакъо ца хилла
Оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Нажи-Юьртан кIоштахь йолчу отделан белхахоша документаш талла сацийра 1952-чу шарахь вина волчу Даттахарчу вахархочун «Камаз» автомашен.
Транспорте хьожучу хенахь гучуделира водитела автомашенан кузов чохь дIахьош 2 000 кийла хиллал тиша эчиг хилар.
Цу киранна хила деза цхьа а тайпа кехат ца хилла водителехь.
А.КАНТАЕВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гӀа де