Соьлжа-ГӀалин цхьамогӀа эвлийн цӀераш кестта хийцаяла тарло

Республикин пачхьенерчу цхьамогӀа эвлийн цӀераш кеста хийцаяла тарло. Оцу хьокъехь бахархошлахь хаттам дӀабахьа сацам бина Соьлжа-ГӀалин Думин депутаташа.

Билггал аьлча, меттигерчу бахархойн лааме хьаьжжина, эвлийн цӀераш иштта хийцалур ю:
«Маяковскийн городок» –> Айдамиров Абузаран цӀарах эвла;
«Кирова» –> Омаев Дагунан цӀарах эвла;
«Войкова» –> Шоип-Моллин цӀарах эвла;
«Калинина» –> МаӀас;
«Катаяма» –> Акаев Дашин цӀарах эвла.

Хаттам, эпидемиологин хьал кхин чолхе ца далахь, карарчу беттан 9–16-чуй деношкахь дӀахьур бу.

№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: