2030-гӀа шо тIекхачале 70 сов дукхапетарийн цӀа дан лерина вайн республикехь. Иза билгалдаьккхина НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министра М.Зайпуллаевс.
Цо билгалдаккхарехь, тайп-тайпана меттигаш комплексан кепара кхиорна оьшу проекташ а, бакъонийн бух а кечбаран болх чаккхене берза герга бу.
Лакхахь хьахийна дукхапетарийн цӀенош а ду меттигаш комплексан кепара кхиоран декъехь дан лерина.
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де