Бахархой дӀаязбаран гурашкахь 100 процентан тӀегӀане Россехь а хьалха кхаьчна Нохчийчоь.

Республикин бахархошна лерина дакъалацаран 3 кеп яра цигахь:
1.Дукхахьаштийн туьшашкахь (МФЦ) дӀаязбар;
2.«Госуслуги» портала тӀехь дӀаязбалар;
3.Бахархой дӀаязбархой дӀасалелаш дӀаязбар.
Цуьнан гурашкахь бахархоша хоржура шайн ненан мотт, шаьш буьйцу мотт, иштта, шайна хуу меттанаш.
Цул сов, шайн къам а, Даймохк а къастабора, билгалйохура шаьш дӀаяздина меттигаш, шайн доьзалхой а тӀеязбора, и.д.кх.а.
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де