Соьлжа-ГӀалин хьуьнан бахамехь 44 гектар хьун меттахӀотто ойла ю карарчу шарахь. И белхаш къоман «Экологи» проектан гурашкахь кхочушъечу «Хьаннаш Ӏалашъяр» программица дӀахьош бу.
Оцу декъехь хӀинцале а бинчу белхан жамӀаш довзийтина Нохчийн Республикин Ӏаламан тӀаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствос – 35 гектар хьун ю карарчу хенахь меттахӀоттийнарг.
И белхаш дӀабахьарехь лерринчу техниках пайдаоьцу цара.
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де