«Уфана» «ларми чуьра» хьалаяла гIо дира

ХIокху шеран чемпионатехь цхьа а матч «машарца» чекх ца яьккхина вайн «Ахмат» клубан футболисташа: я уьш тоьлаш, я уьш оьшуш бен чекхдаьлла дац кху шеран Премьер-лигин чемпионатехь хилла церан 13 цхьаьнакхетарх цхьа а.

И чIагIделла дала гIерта ламаст доха герга дара Уфахь меттигерчу «Уфан» футболисташца хиллачу матчехь. Амма… аьтто ца белира, вайн футболисташ мел чIогIа гIиртинехь а.

И цхьаьнакхетар, жамI 1:0 долуш, хIусамдайша толам боккхуш чекхделира. Уьш толаме кхачийра 58-чу минотехь Агаларов Гамида тоьхначу голо.

Ала дашна, «Уфан» 21 шо долчу оцу тIелатархочо хIокху шеран чемпионатехь 11-зза гол тоьхна. Бомбардирашна юкъахь дIахьочу къовсамехь таханлерчу дийнахь хьалхарчу меттехь ву Г.Агаларов. Иза къоначу футболистан боккха кхиам бу. Вайн командин защитникийн а аьтто ца белира къона футболист сацон.

«Ахматана» тIехь толам баккхар бахьанехь, турниран таблицан «лармехь» хилла «Уфа» 13-чу метте хьалаяьлла. Ткъа вайн команда 10-чу меттехь ю, шен чоьтехь 16 балл а йолуш.

РогIерчу турехь «Ахматан» футболисташ Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионан майданахь Нижни-Новгородерчу «Нижний Новгород» командин футболисташца ловзур бу лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь.

ХЬ.САЙДАЕВ
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: