БоргӀанехь, Гихтахь керла школаш ю еш

Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а керла школаш а, берийн бошмаш а, иштта, кхийолу социальни объекташ а йина, хIинца еш а ю. Бераш алсамдовларца доьзна ду школашкахь кхаа рожехь долу дешаран гIуллакх.

Цул сов, цхьаццанхьа школин гӀишлош тишъелла, мохкбегийча тIекхетарна кхераме а ю. Цундела, хӀоьттинчу хьоле хьаьжжина, БоргӀанехь керла школа ю еш. Хьалха школа лаьттинчу майданахь еш ю иза.

Говзанчаша дийцарехь, шира школа дӀаяккхаран бахьана ду цуьнан сейсмочӀагӀалла лахъялар.

Кхо гӀатт а долуш, 360 дешархочунна меттиг йолуш ю иза. Керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду. Классашкахь, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачо йийр ю.

Цул сов, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, спортан зал а йийр ю.

Дешаран учреждени яр дIахьош ду Федеральни Ӏалашонийн «Россин Федерацин мохкбегорна кхерам болчу меттигашкахь цӀенойн а, объектийн а, Ӏер-дахаран системийн а чӀагӀалла лакхаяккхар» программин гурашкахь.

ТӀедогӀучу 2022-чу шеран хьалхарчу чийрикехь йина яьлла хила езаш ю школа. Иштта, кхин цхьа школа а ю Хьалха-Мартан кӀоштарчу Гихтахь еш.

14 эзар сов стаг ву цигахь Iаш. Пхи школа ю юьртахь, 3 407 дешархо а ву. Делахь а уьш кхачаме яц. Бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а доьзна ду и хьал.

Оцу бахьанашца, къоман «Дешар» проектан гурашкахь, юьртахь керла школа ю еш.

Кхо гIатт а долуш, 600 дешархочунна меттиг йолуш еш йолчу керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду.

Классашкахь, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачо йийр ю.

Цул сов, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, йоккха спортан зал а хир ю. УьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина. ГIишлоно дIалоцург 15 000 квадратан метр хир ю.

Чуьра белхаш бу гӀишлошъярхоша дӀахьош, бовла гергабахана уьш. Карара 2021-гӀа шо чекхдалале йина яла езаш ю школа.

Балхана тӀехь терго латтош ю НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерство.

А.АБУЕВ
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: