Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочун тIедилларца хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин №1 йолчу клиникин больницехь Iамораш хилира.

ЦӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Ӏалашонца вовшахтоьхна дара и гӀуллакх. Ӏамораш дIадуьйладелира хаамийн системо бохам хилла, цӀе а яьлла, аьлла хаам барца.
Цул тӀаьхьа, дукха хан ялале, Соьлжа-ГӀалин цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран гарнизонан белхахой схьакхечира цига.
Церан ши Ӏалашо яра: бохамехь лазийна стаг, гӀишло чохь велахь, чуьра араваккхар а, цул тӀаьхьа цӀе дӀаяйъар а. И гIуллакх сиха а, нийса а дан дезаш дара.
ЦӀеяйъархоша, уггаре а хьалха, «цӀе яьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна я чов хилла цхьа а вуй хьоьжуш.
«Лазийнарш», леррина башлакх тиллина, кIелхьара а баьхха, цул тӀаьхьа цара цӀе дӀаяйъира. ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна.
И бахьанехь, цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахоша садаӀар лардеш долу леррина духарш а дуьйхина бора болх.
Iамораш дIахьочу хенахь, «бохам хилла» некъан меттиг ГИБДД-н белхахоша дӀакъевлира.
Автоинспекцин белхахоша цига йогIу леррина машенаш паргIат чекхйовлуьйтура, кхиерш тӀе а ца юьтура, ткъа МВД-н векалша юкъараллин къепе ларйора.
Оцу Iаморашкахь массо агӀор (МЧС-н а, ГИБДД-н а, РСЧС-н, МВД-н) дакъалоцуш 87 белхахо а вара, иштта, 20 леррина техника а яра.
А.КАНТАЕВ
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 6-гӀа де