Студенташа кхиамца дIаелира экзаменаш
Кху деношкахь Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан «ШариIатан Iилма» факультетан 2–3-чуй курсийн студенташа экзаменаш дIаелира. 2-чу курсан студенташа экзаменаш сарфихула (Iаьрбийн меттан морфологи а, синтаксис а) дIаелира, ткъа 3-чу курсан студенташа Iарбийн меттан (лугIат) экзаменаш дIаелира. Экзаменна юкъадогIуш 4 хаттар дара, царах дукхахдерш – Ислам динах лаьцна.
Экзаменийн комиссин декъашхой реза хилира студентийн хааршна. Цара лаккхара мах хадийра церан. Дукхахболчу студенташа шайна еллачу хенал хьалха дIаелира экзаменаш.
Айдамиров Абузаран музейхь
Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан студенташ вевзаш волчу нохчийн яздархочун Айдамиров Абузаран музейхь хилира. Яздархочун кхолларалла а, дахар а студенташна кIорггера довзийта а, уьш музей дига дагадеанарг а вара «Нохчийн мотт, литература» кафедрин хьехархо, филологин Iилманийн кандидат Джамбеков Овхьад.
Айдамирова Машара дуккха а дийцира шен дех Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллах, цуьнан евзаш йолчу «Еха буьйсанаш» трилогех лаьцна. Студенташа дика пайда ийцира цунах. Яздархочух дерг дика девзинчул тIаьхьа, кегийрхой кхийтира, мел кIорггера хилла Абузаран Даймахке, нохчийн матте болу безам. Шайна тIехь дерг доккха жоьпалла хиларх кхийтира уьш. Цара дийцарехь, и тайпа экскурси дуккха а шерашкахь иэсехь юьсур ю царна.
З.САГАЕВА
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо