Дукха хан йоццуш США-чу Чикаго гIаларчу UIC Pavilion аренехь Нохчийн Республикера Бетербиев Артур цхьаьнакхийтира меттигерчу спортсменца Джонсон Александрfца. Нохчийн боксера Канадин дозанал арахьа дуьххьара д1адаьхьна латар дара иза.
Бетербиев Артура хьалхара раунд йолаяларца хIума тоха йолийра Iамаркахочунна. Вайн махкахочунна дуьхьал баккха ницкъ ца тоьара Джонсон Александрана. Цу хьолехь хила Iемина вацара иза. Шен корматаллин новкъахь ша эшна волчу шина цхьаьнакхетарехь Джонсона дикка садиира дуьхьал леташ болчеран ткъа нохчийчуьнца муха лата веза ца хаьара цунна. ШолгIачу а, кхоалгIачу а раундехь шена хало а ца еш, гуонаха а хьийзаш летара вайн боксер. Амма цул тIаьхьа нохчичо т1елатар кхин а ч1аг1до.
ПхоьалгIачу раундехь Бетербиев Артура нокдауне вохуьйту 1амаркахо хала а, атта а хьала гIаьттинчул тIаьхьа кхин цкъа а гора вохуьйту иза. Амма Джонсон Александр шегахь мел болу ницкъ гулбина хьалагIаьттира. Бакъду, эрна гIаьттина хиллера. Нохчийн боксера ворхIалгIачу раундехь шозза нокдауне вахийтинчул тIаьхьа кхин хьала ца гIаттавелира меттигера спортсмен. Иштта шен корматаллин новкъахь тIекIал уьссаза толам баьккхира Бетербиев Артура. ХIора цхьаьнакхетарехь нохчичо хенал хьалха эшийра шех леташ берш.
Билгалдаккха деза, Бетербиев Артур NABA, WBO NABO, IBF Norrh American версийн чемпион хилар.
А.АБДУЛАЕВ
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо