Соьлжа-ГIаларчу Орзамиевн цIарахчу урамехь дукхагIаьтнийн «Панорама» цIенойн исбаьхьа комплекс йийр ю. Чохь Iачу цIенойн комплексана юкъахь ткъе итт-итт гIаьтнаш долуш кхо цIа хир ду. Оцу цIеношна чохь 800 петар хир ю.

Иштта билгалдеш ду цигахь махлелоран-офисийн чоьнаш яр, лаьтта бухалахь, 260 машен дIахIотто меттиг йолуш, йоккха паркинг яр. Оцу ерриге а гIишлоша 105 000 квадратан метр гергга меттиг дIалоцур ю.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана говза куьйгалла дар бахьана долуш вайн республикин пачхье мехкан уггаре а сиха кхуьуш йолчу гIаланашна юкъахь ю. Вайн пачхьене дуккха а адамаш оьху. Цхьаберш балхаца доьзна богIу. Кхиберш туристаш санна богIу. КIезиг бац гуттаренна а кхуза схьакхелхаш берш. Чохь Iан керлачу цIенойн яккхий комплексаш еш хилар бахьана долуш, луучун аьтто бу гIалахь шена кхузаманан, дика, мехах хIусам харжа», – бохура Соьлжа-ГIалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада.
Къаьсттина мехала ду, билгалдаьккхира гIалин мэрехь, керла лекха цIенош вайн пачхьенан хIинцалерчу куц-сибатца чIогIа догIуш хирг хилар, цара вайн шахьар кхин а хазйина, къагийна, куьце йина дIахIотториг хилар.
Иза чIогIа мехала проект ю. Цо бIаьрла гойтур ду адамийн дахарна бегIийла, аьхна хьелаш сиха а, дика а муха кхоллало.
Нохчийн дерриге а халкъана а юьхькIам бу Соьлжа-ГIала цу тайппанчу гIишлошца хазйина дIахIоттош хилар. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
С.АЛЬВИЕВ
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гӀа де