Россин Премьер-лигин хIокху шеран чемпионатан 14-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» командин футболисташ Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат Арена» стадионан майданахь Нижний Новгород гIаларчу «Нижний Новгород» командин футболисташца левзира лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь.

Оцу цхьаьнакхетарехь вайн командехь ловзуш вара Шелия, Быстров, Семенов, Нижич, Богосовац, Харин (Садулаев, 67), Уткин, Карапузов (Архипов, 66), Тимофеев, Коновалов (Швец, 78), Конате (Янку, 78).
Таханлерчу дийнахь уггаре а гIолехь ловзуш бу и футболисташ командин коьртачу тренера А.Талалаевна хетарехь. Цундела футболъезархой вайн футболисташа толам боккхург хиларх тешна баьхкинера оцу матче хьовса. Церан тешам эрна а ца хиллера. Цунах лаьцна доцца а, ма-дарра а дуьйцур вай…
Хьалхарчу тайман юьхь шина а командин футболисташа вовшашкара хьал зуьйш санна дIаяьхьира. Амма, иза чекхйолуш, шайн «цергаш гайтира» хIусамдайша. Шайн рогIера тIелатар хьешийн кевна чу буьрка тохарца дерзийра цара – 1:0. Гол тоьхнарг Конате Мохьаммад вара.
ШолгIачу тайман юьххьехь «Нижний Новгород» командин контртIелатар гол тохарца дерзийра Косаревс – 1:1.
Цул тIаьхьа, А.Талалаевс майдана ваьккхира Садулаев Лечи а, Архипов Артем а. Цо дикка жигарадаьккхира «Ахматан» ловзар. ТIелатарш а дара хьалха хиллачул кхераме. Ишттачарах цхьа тIелатар сацо а гIоьртина, шайн кевна чу буьрка туьйхира (ларамза) Пенчиковс – 2:1. Амма цунах кхачам хилла вацара вайн командин коьрта тренер — цо, 78-чу минотехь, Конатен а, Коноваловн а метта майдана ваьккхира Швец Антон а, Янку Габриэль а. Оцу хийцамаша кхин цкъа а кхиаме кхачийра хIусамдай. Матчан тIаьххьарчу миноташкахь, ма-дарра аьлча, 90-чу минотехь, хьешийн кевна чу кхоалгIа гол тохарца билгалвелира Уткин Даниил.
Цу тайппана жамI 3:1 долуш, «Нижний Новгородна» тIехь хаза толам баьккхира «Ахмато».
Чемпионат йоккхачу шовкъаца а, кхиамца а дIайолийна йолу и команда шен тIаьхьарчу ворхI цхьаьнакхетарехь ялхозза эшна.
Хь.САЙДАЕВ
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гӀа де