Ойсхарахь керла школа ю еш

Бахархойн барам сиха алсамболуш бу вайн республикехь. Карарчу хенахь, оцу декъехь, Россин Федерацин субъекташна юкъахь, хьалхарчу меттигехь ю Нохчийчоь. Адамаш алсамдовларца дан дезарш а алсамдовлу.

И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а керла школаш а, берийн бошмаш а, иштта, социальни кхийолу объекташ а йина, хIинца еш а ю. Амма, тахана а хаалуш ду ерриге а кIошташкахь уьш тоьаш цахилар.

Иштта, республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствон пресс-службо бинчу хаамца Гуьмсан кӀоштарчу Ойсхарахь керла школа ю еш.

12 эзар сов стаг Iаш волчу юьртахь йолу йиъ школа тоьаш яц. Юрт шоръяларца а, иштта, бахархой алсамбовларца а, цхьаболчу бахархошна школин гӀишло генахь хиларца а доьзна.

Дешаран учреждени яр дIахьош ду «Россин Федерацин мохкбегорна кхерам болчу меттигашкахь цӀенойн а, объектийн а, Ӏердахаран системийн а чӀагӀалла лакхаяккхар» Ӏалашонийн программин гурашкахь.

Кхо гIат долуш, 720 дешархочунна меттиг йолуш еш йолчу школехь, кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду. Керлачу школехь керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархойн.

Иштта, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, спортан зал а хир ю. Школин уьйтӀахь керла спортан майда йийр ю. Ткъа школин кетӀе тоярал сов, кеч а йийр ю. Карарчу хенахь гӀишлошъярхой хӀоттийначу планаца белхаш беш бу. Шайна хьалхахӀиттийначу декхаршца дика ларош бу.

Школа йина яьлча, юьртарчу дешархойн кхаа рожехь хилла долу дешар, шина роже доьрзур ду. Дешаран шо доладалале йина яьлла хила езаш ю школа.

Дагадоуьйту, тӀедогӀучу шарахь Нохчийчохь къоман «Дешар» проект кхочушъяран гурашкахь 15 школа ян лерина хилар 9 924 дешархочунна меттиг а йолуш.

НР-н Премьер-министран М.Хучиевн а, НР-н дешаран а, Ӏилманан а министран И.Байсултановн а хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла школаш тояран республикин проектаца 2022-чу шарахь вайн республикехь 27 школ тоян лерина хилар.

А.КАНТАЕВ
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: