Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана социальни дакъа кхиоран гIуллакхаш дийцаре деш кхеташо дIаяьхьира.

Уьш дийцаре дарехь дакъалоцуш бара оцу декъехь болх беш йолчу министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой.
Цара дийцира дешарехь, могашаллаIашалъярехь, культурехь, спортехь, нах балха дIанисбарехь долчу хьолах лаьцна.
Кадыров Рамзана ладуьйгIира жоьпаллин наха йинчу докладашка, царна цхьамоггIа тIедахкарш а дира.
Ша аьлча, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо къобалдира культурин министран Кадырова Iайшатан юкъарадешаран юккъерчу школашкахь нохчийн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ Iаморан дарсаш юкъадалоран хьокъехь долу дIадолор.
Кадыров Рамзана социальни блокехула волчу вице-премьерана Дааев Хож-Баудина тIедиллира оцу гIуллакхан хьокъехь культурин, дешаран а, къоман политикин а, Iилманан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, хаамийн а министерствошца цхьаьна кхоччуш ойла яр.
Иштта, Кадыров Рамзана дIахаийтира регионан маьIна долчу культурин тIаьхьалонийн объектийн хьолана ша сагатдеш хилар.
Дааев Хож-Баудис дийцира хIора шарахь масех шира, башха бIов юхуш, дIайолуш хиларх лаьцна. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тIедиллира нохчийн халкъан культурин объекташ ларъярехьа кхитIе а гIуллакхаш дар, уьш Iалашъяр.
Цул сов, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира юккъерчу а, лаккхарчу а тIегIанашкара говзанчаш кхиор къаьсттина чIогIа маьIне хилар.
Цо ладуьйгIира Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министран Байсултанов Идрисан докладе.
Министра дийцира юккъерчу лерринчу дешаран заведенийн болх къепе балорехь деш долчу гIуллакхех лаьцна.
Регионан Куьйгалхочо тIедиллира оцу декъехь беш болу болх чIагIбар. Цунах долу жоьпалла Х-Б.Дааевна тIедиллира.
Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела шен рогIехь тидам тIебахийтира белхан алапица доьзна долу гIуллакхаш министрийн кабинетан къаьсттинчу тергонехь хиларна.
Цо дийцарехь, Правительствос кхиамца кхочушдеш ду белхан хIора беттан алапа 2021-чу шарна билгалбинчу барамехь хилийтаран декхарш. Иза карарчу хенахь, юккъерчу барамехь, 23 662 сом ду.
Комплексехь гIуллакхаш дар бахьана долуш толуш ду къинхьегаман рынкехь долу хьал.
Коронавирусан пандемин хьалхара тулгIе йолчу муьрехь белхазаллин тIегIа цIеххьана лакхадаьллачул тIаьхьа хаалуш ду иза дикка лахлуш догIуш хилар.
Белхазхойн барам республикехь бархI проценте кхаччалц лахбелла.
Д.ПАШАЕВ
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гӀа де