Ставрополан крайн Георгиевск гIалахь дIаяьхьира греко-римски охьатохархлатарехула X-гIа схьайиллина турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин регионашкара, спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь, дIадаьхьира цул тIаьхьа шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой. Хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша: Муцаев Ахьмада (50 кг) – РЮСШ, Гайтиев Мохьмада (54 кг) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Цакаев Доккус (58 кг) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Бибулатов Сайд-Селима (58 кг) – ДЮСШ №7. КхоалгIа меттигаш кхечира: Гайтиев Iумарна (76 кг) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Забаев Исламана (46 кг) – ДЮСШ №7, Мамакаев Рамзанна (46 кг) – ДЮСШ №3.
Оцу лаккхарчу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: А.Хамзаев, Б.Тулаев, С.Гайтиев, П.Умаров, А.Магомадов, Р.Эскерханов. ХIокху карарчу хенахь вайн спортсменаш кечам беш бу кестта хин йолчу СКФО-н чемпионатана.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо