НР-н Куьйгалхо тешна ву Ӏ.Кадырован куьйгаллица культурин министерство баккхийчу кхиамашка кхочург хиларх

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира Нохчийчоьнан культурин министраца Кадырова Iайшатаца а, оцу ведомствона юкъайогIучу учрежденийн куьйгалхошца а.

Цигахь дийцаре дира регионан культурин дакъа кхиоран мехала гIуллакхаш.

«Культура йоцург къам дац», – иштта олура вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Билггал оцу дешнашца дIадолийра цо вайн халкъана Iаламат чIогIа мехала долу дакъа комплексехь когахIоттор. Ткъа иза, тIеман ши кампани чекхъяьллачул тIаьхьа, дерриге а доьхна, Iана дахана дара. Оцо таро елира вайна вешан оьздангаллин, ламасталлин, къоман мехаллаш Iалашъян, кхоллараллин коллективаш, культурин объекташ когахIитто, халкъ иэсах даларх лардан. Тахана вайна хьалха лаьтта баьхна кхиамаш Iалашбаран а, лакхабахаран а декхарш, вайн халкъ ийманехь, оьздангаллехь, гIиллакхехь кхин а лакхадаккхархьама, кхиорхьама», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, тIаьхьарчу беттанашкахь ведомствос дика кхиамаш баьхна цхьамогIа дакъошкахь. Амма, цуьнга хьаьжна ца Iаш, бан безаш кхин а дуккха а болх бу. ХIинца а мехала хилла дуьсуш ду нохчийн драматурги, литература, мотт кхиоран гIуллакх. Театран а, сценин искусствон а дукхах йолу говзарш ширъелла, кхузаманан хьажархочун ойла тIеерзош яц уьш. И хьал сихха хийца деза.

Иштта, Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира хореографин а, вокалан а искусство тоеш карлаяккха, керлачу тIегIане хьалаяккха езаш хиларна. Оцу дакъошкахь похIме артисташ бен хила ца беза болх беш.

Корматаллин искусствона гена долчу адамашна таро яла ца еза нохчийн халкъ а, культура а гайта. Цуьнца цхьаьна шаьш артисташ а кхеташ хила беза халкъана хьалха долчу шайн жоьпаллех, культурин белхахочун езачу цIарца богIуш хила беза уьш.

«Тахана Нохчийчуьра кхоллараллин коллективаш Россин регионашка а, тайп-тайпанчу мехкашка а лела. Цигахь уьш баккхийберца тIе а оьцу. Вайн культурин гIуллакххошна юкъахь театран а, кинон а бевзаш болу актераш, Россин халкъан а, хьакъ болу а артисташ, Россин пачхьалкхан совгIатийн (премийн) лауреаташ бу. Со тешна ву, Кадырова Iайшатан куьйгаллица ведомствос баьхна хилла кхиамаш кхин а алсамбохург хиларх, вайн республикехь уггаре а тоьллачарах министерство хIара хирг хиларх. Иза иштта хилийтархьама оьшуш мел дерг дийр ду вай», – тIетуьйхира Р.Кадыровс.

Шен рогIехь Кадырова Iайшата баркалла элира регионан Куьйгалхочунна Нохчийчоьнан культурина боккха тидам тIебахийтарна а, оцу декъехь къахьоьгуш болчарна массарна а, мах хадийна ца валлал, доккха гIо дарна а.

«Тахана тхо кхиира Культурин цIенош, библиотекаш ярехь, тоярехь долу хьал дийцаре дан. ХIинца меттигашкахь, кIошташкахь болх бан безар бу. Герггарчу хенахь со ерриге а кIошташкахь хир ю, цкъа хилла а Iийр яц. Культурин цIенош кхин а дуккха а оьшу вайна. Уьш дерриге а аьхна, цIена, бегIийла хила деза. Дуккха а дийцира республикехь ваьш мукъамчаш, суьрташдахкархой, театрийн режиссераш, сценаристаш кхиор мел мехала ду», – хаам бира министра.

С.АЛЬВИЕВ
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: