«Несарийн гIаттам» – Дербентехь

Узбекийн халкъан яздархочун Хусанходжаев Сайд-Ахьмадан «Несарийн гIаттам» пьеса дика евзаш ю дерриге а дуьненахь. ХХ-чу бIешеран 80-чу шерашкахь язйина и комеди Советийн Союзан дукхахйолчу театрашкахь хIоттийра. Дозанал арахьа хIоттийна меттигаш а хаалора кест-кеста.

1985-чу шарахь режиссера Абзалов Мелиса «Узбекфильм» киностудехь исбаьхьаллин фильм яьккхира «Несарийн гIаттам» пьеси тIехь.

Нохчийн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь шозза хIоттийна и комеди. Дуьххьара ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн чаккхенехь къоначу режиссера Хачукаев Сайд-Мохьмада хIоттийра иза. Тахана а Нохчийн пачхьалкхан драмин театран репертуарехь йолу и спектакль Россин халкъан артиста, похIмечу режиссера Хакишев Руслана хIоттийна ю.

Вайн махкахошна чIогIа хазахеташ спектакль ю иза. Цкъа, шозза хьажарх кIордош а яц. Хьовсархошна къаьсттина дукхаеза «Несарийн гIаттам» спектаклан коьрта турпалхо Фарман-биби.

Дахар гуьйренгахьа лестина, алссам къахьегна, тIехь да воцуш, боккха доьзал кхиийна хьуьнаре зуда ю Фарман-биби. Амал морсо йолуш ю иза. Ткъа иза товш дац Фарман-бибин несаршна. Царна беламе хета марнана къоман гIиллакхашна, оьздангаллина тIетийжар.

Доцца аьлча, дуьне кхоьлличахьана берза ца туьгуш, тIеттIа марсабуьйлуш дIабоьду несарийн а, марненан а «тIом» бу-кх Хусанходжаев Сайд-Ахьмадан пьеси тIехь забаран хоршахь бийцаре баьккхинарг а, спектаклехь гойтург а.

Тахана Дербентерчу лаьзгийн къоман театрехь хIоттош ю Хусанходжаев Сайд-Ахьмадан «Несарийн гIаттам» пьеса.

Россин халкъан артист, К.Станиславскийн цIарахчу Россин пачхьалкхан совгIатан (премин) лауреат, похIме режиссер, вайн махкахо Хакишев Руслан ву лаьзгийн къоман театрехь «Несарийн гIаттам» спектакль хIоттош.

Цхьана а кепара шеко яц, вайн махкахочо, даима санна корматаллин лаккхарчу тIегIанехь и спектакль хIотториг хиларан.

Вайна массарна боккха юьхькIам бу луларчу къаьмнийн театрашка вайн республикера говзанчаш кхойкхуш хилар а, шайн сцени тIехь керла спектаклаш хIиттор царах тешош хилар а.

Иза къеггина тоьшалла ду ерриге а Къилбаседа Кавказехь Хакишев Руслан вевзаш, похIме режиссер хиларна.

А.НОХЧМАХКАХО
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: