«Къилбаседа Кавказан курорташ» АО-н пресс-службо хаам барехь, хIокху шарахь «Архыз», «Эльбрус», «Ведучи» курорташкахь 2020-чу шарахьчул шозза алсам туристаша садаьIна.

«ХIокху тIаьхьарчу эхашарахь (хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь дуьйна эсаран (октябрь) беттан 30-чу дийне кхаччалц) 300 эзар гергга стага садаьIна «Архыз», «Эльбрус», «Ведучи» курорташкахь. Кхарачойн-Чергазийн «Архыз» курорто 111 эзар сов турист тIеэцна (стохкачул 58 процентана алсам). ГIебартойн-Балкхаройн «Эльбрусехь» 176 эзар гергга туриста садаьIна. Нохчийн Республикерчу «Ведучи» курорте стохкачул шозза алсам туристаш баьхкина», – хаам бо пресс-службо.
«Архыз» курортехь туристашна хазахетачарах ду ломан Iомашкахь хилар, говрашкахь а, вилспеташкахь а хехкабалар, муьшан некъаш тIехь хьалабовлар. Оцу курортехь схьайиллина куьпчийн студи а, боулингах ловза аьтто болуш, самукъадаккхаран туш а.
«Эльбрусехь» когсалазаш тIехь хахбаларан мур мангалан (июль) баттахь бен дIа ца къевлина. Туристашна дукхадезачарах ду ломан буьххье валар.
«Ведучи» курортан «ЧеченSki» туризман туьшахь когасалазаш хахкаран мур дIабоьдуш бу, аьхка цигахь схьайиллина Iодан (лучный тир) тир, кинотеатр, караоке, видеоловзарийн чоьнаш. Дукха хан йоццуш цигахь дIаяьхьира туристийн «Лаьмнаш-лаьмнаш» фестиваль.
«COVID–19 ун бахьана долуш курорташ мангалан (июль) бутт кхаччалц дIакъевлина хиллехь а, садоIучеран барам лакхара бу. Оцо гойту, туристаш кхеташ хилар курорташ шеран муьлххачу муьрехь а садаIа аьтто болуш хиларх. Оха къахьоьгу аьхкенан сервисаш схьаелларехь, иштта гIолоцу резидентийн», – яздина компанин генеральни директора Темижев Хьасана.
Лахьанан (ноябрь) бутт болабелчахьана дуьйна Къилбаседа Кавказан федеральни округан курорташкахь садаIарна хенан-хIоттам Iаламехь (трекингана) дика бу.
Лаьмнашца йолу курорташ Iаьнан муьрана кечамаш бан юьйлаелла. «Архыз» шанан некъ бан йолаелла, «Эльбрусехь» муьшан некъаш Iаьнан халонашна кечдина, «Ведучи» курорт Iаьнан прокат схьаелларна кечам беш ю.
Л.РАГИМОВА
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гӀа де