Хошкалдахь керла школа ю еш

Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш яц Россин цхьа а субъект. И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а керла социальни объекташ йина. Карарчу хенахь а, ерриге а кIошташкахь еш а ю уьш. Церан могӀарехь ю Гуьмсан кӀоштарчу Хошкалдахь еш йолу керла школа.

Хошкалдахь 6 эзар сов стаг ву Iаш. А.Сумбулатован цӀарах йолу цхьа школа юьртахь кхачаме яц. Дешархой алсамбовларца (3 407 дешархо ву) а, юрт шоръяларца а, иштта, школин гӀишло цхьаболчу бахархошна генахь хиларца а доьзна ду и хьал. Цул сов, кхо смена а ю школехь.

Оцу бахьанашца, къоман «Дешар» проектан гурашкахь, карарчу шарахь юьртахь керла юкъарадешаран школа ян йолийна.

Хууш ма-хиллара, «Дешар» проектан коьрта Iалашо ю школашкара кхаа сменехь долу дешар дIадаккхар а, стандарташца догIуш дешаран хьелаш тодар а.

Кхо гIат а долуш, 720 дешархочунна меттиг йолуш хир ю иза. Керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш хьелаш кхуллур ду. Классашкахь, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачо а йийр ю.

Дешар хьехаран методика заманца кхуьуш йогӀуш ю. Цундела, керлачу школехь, кхузаманан лехамашна жоп а луш, керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархойн. Цу тӀе, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, йоккха спортан зал а ю еш. УьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойийр ю.

Карарчу хенахь пенаш хьаладоттарехь къахьоьгаш бу гӀишлошъярхой. Шайна хьалха хӀиттийначу декхаршца дика ларош а бу уьш.

Меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла юьртахь керла школа еш хиларх. НР-н Кьуйгалхочунна Кадыров Рамзанна цара даггара баркал боху, шайн лаамашка хьовсарна а, уьш кхочушбарна а.

Объект ярна тӀехь терго латтош ю НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерство.

ТӀедогӀучу 2022-чу шарахь, дешаран керла шо дIадоладалале, йина яьлла хила езаш ю школа.

А.АБУЕВ
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: