«Дешаран флагманаш. Школа» конкурсе заявкаш дӀаоьцуш ю

Россин Федерацин серлонан министерствон дӀадолорца «Росси – таронийн пачхьалкх» президентан платформехь кхочушъечу проектан гурашкахь дӀахьур ю «Дешаран флагманаш. Школа» аьлла йолу корматаллин конкурс.

Оцу конкурсехь дакъалаца лаам болчеран заявкаш тӀеоьцуш ю лахьанан беттан 30-гӀа де тӀекхаччалц.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо хаам барехь, хӀинцале а оцу конкурсехь дакъалаца регистрацих чекхваьлла 11 эзар стаг а ву, царах 500 стаг Нохчийн Республикера а ву.

Конкурс дӀайолаелла эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Москварчу №1253 йолчу школехь.

Проект лерина ю дешаран хьаьрмахь тӀаьхьало йолу урхалчийн командаш лахарна а, уьш кхидӀа кхиорна а.

Буьйцуш болу урхалчаш похӀма а долуш, дешаран хьаьрмана пайдехь долу керла хӀума юкъа а далош, куьйгалхочун хила деза гӀиллакхаш долуш а хила веза.

Конкурсехь дакъалацархьама заявка чуяла оьшуш дерг ду юкъарадешаран учрежденин 4 белхахочух лаьтта команда вовшахтохар а.

Уьш хила бакъо ю классан куьйгалхой а, предметийн хьехархой а, школин куьйгалхой а.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса билгалдаьккхина: «Ерригроссин корматаллин «Флагманы образования. Школа» конкурс лерина ю школин хьехархойн командийн кхиамаш, хьуьнарш билгалдахарна а, уьш дӀадовзийтарна. Школин коллективийн а, хьехархойн а зеделларг вовшашна довзийта дика майда ю юьйцуш йолу конкурс».

Регистраци чекхъяьллачул тӀаьхьа конкурсан дакъалацархойн дистанционни тестех чекхбовла дезар ду: юкъарчу хаарийн тест, шегарчу хаарех нийса пайдаэца хаар толлуш тест яр а, куьйгалла дан хааран тест яр а.

Цул тӀаьхьа, Россин Федерацин 8 округехь очни кепара ахфиналаш дӀахьур ю. Ткъа конкурсан финалехь цхьаьнакхетар ю ахфиналехь тоьлла йолу 100 команда.

Конкурсан совгӀатхойн аьтто хир бу шаьш кхидӀа бовзийта, шайн хаарш зен, шайн говзалла лакхаяккха, дешаран программашкахь дакъалаца, стажировка дӀаяхьа.

Цунна тоьхна дозанаш дац. Цигахь дакъалаца йиш ю дешаран учрежденийн муьллхачу а белхахойн, церан белхан стаж йоккха яцахь а.

Ерригроссин «Дешаран флагманаш. Школа» корматаллин конкурс дӀахьош ю къоман «Дешар» проектан «ХӀоранна а социальни лифташ» проект кхочушъяран гурашкахь.

Конкурсах лаьцна мелла а шуьйра дуьйцу Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон mon95.ru сайтехь.

З.ХИЗИРОВА
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 13-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: