Хууш-ма хиллара, вайн республикин школашкахь аьхкенан каникулаш юьйлаелча, мокъа ца буьсу хьехархой а, завхозаш а, белхалой а. Царна хьалха лаьтта декхарш дуккха а хуьлу оцу муьрехь. Цара, керлачу шарна кечамаш беш жигара дIахьо ремонтан белхаш. Вуьшта аьлча,
хийца дезахь кор-неI лаьтта тоьхна у – кир-басар деш тайп-тайпана белхаш до.
Дешаран керлачу шарна муха кечамаш беш бу а, бераш садаIа дахийтарх дерг а довза лиъна, кху деношкахь тхо хилира Шеларчу №3 йолчу юккъерчу школехь. Цунах дерг дийцира, шен тхоьца хиллачу къамелехь оцу школин директора Касумова Ларисас. Цо бохура: «18-чу майхь Шеларчу дешаран урхаллин белхахоша машен а яийтина, Нальчике садаIа дигира тхан бераш. Итт де даьккхира цара цигахь. Ши тоба яра уьш. Верриге а ткъе ши дешархо вара садаIа ваханарг».
Цаьрца цхьаьна, церан Iуналла дан вахана вара директоран заместитель Яхъяев Iабдул а, информатикин хьехархо Бердукаев Апти а, Касумовас дийцарехь, рогIера бераш ГIирме дахадезаш ду.
Ремонтан белхаш а дIадолийна цара цхьа бутт хьалха. Новкъара-нацкъара йоккхуш хIайт-аьлла хьийзаш бара уьш… «Дешаран керла шо дIадолон хан тIе кхачале парггIат девр ду тхо», дуьйцура Касумова Ларисас. Билгалдаккха догIу, каникулашкахь берашна ловза майданаш кийча
хилар а. Спортзал а, ремонт ян ца оьшуш, дика ю церан. Кху шарахь шена садаIа ваха луург цхьа а вуьсур вац Ларисас дийцарехь, ваха аьтто а ца хилла.
М.ИСХАНОВ
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо