Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима белхан цхьаьнакхетар дIадаьхьира шен заместительца, юьртан бахаман министраца Закриев ИбрахIица.

Цхьаьнакхетар лерина дара регионан аргопромышленни комплекс кхиоран гIуллакхашна.
Юьртан бахаман министра дийцира Нохчийн Республикехь «Юьртан бахам кхиор а, Нохчийн Республикехь юьртабахаман сурсатийн рынкашкара хьал тодар а» пачхьалкхан программа кхиамца кхочушъеш хиларх лаьцна.
Бахамийн ерриге а категорешкахула юьртабахаман сурсатийн барам 2021-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу денна тIекхочуш 1,5 процентана лакхабаьлла, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича.
Карарчу ханна чудерзийна 176,6 гектара тIера буьртиган ялташ. Валови гулдар 506,9 эзар тонне кхаьчна.
Хучиев Муслима а, Закриев ИбрахIима а иштта дийцаре дира юьртан бахаман латтанашна хиш дахкаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Аренашка хиш дахкар оьшу юьртабахаман сурсаташ кхиор цхьаьнаэшшара алсамдаккхарна.
ХIокху шарахь цIан а дина, меттахIоттийна 550 километр бахамашна чоьхьара хиш дахкар. Цо таро лур ю 15 эзар гектар майданахь кхиочу юьртабахаман сурсаташна хи дилла. И болх кхул тIаьхьа а дIахьур болуш бу. Ткъа цо, шеко йоццуш, вайн аренашкахь кхиош долу беркат дуккха а алсамдаккхаре кхачор ду.
Къаьсттина мехала ду йокъана хиларна кхераме йолчу кIошташкарчу аренашка хиш дахкарна боккха тидам тIебохуьйтуш хилар.
Нохчийчоьнан Правительствон Председатела баркалла элира Закриев ИбрахIимна эвсаре болх барна.
Цо дийхира аренийн белхаш боларш лах ца беш дIабахьар.
С.АЛЬВИЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де